Мероприятия, посвященные Дню родного языка

24.02.2022

24 февралехь 2022 шарахь Теркан муниципальни к1оштан Гвардейски юьртан №2 йолчу «Маленькая страна» ц1е йолчу берийн бешахь д1аяьхьира Ненан маттана лерина йолу мероприятеш. Мероприятеш юкъахь жигара дакъа лецира «Звездочки», «Солнышко», «Ангелочки», «Бабочки» тобанийн бераша. Кхиорхоша шайн къамелехь йовзийтара нохчийн меттан сийлалла, хазалла, оьздангалла. Цара дийцира нохчийн мотт хаарца доьзна хилар, къона т1аьхье дайн ламасташца, къоман 1адаташ лардеш, г1иллах-оьздангаллица кхиор.

Таханлерачу тхан программи  юкъадог1у: вайнехан хелхарш, эшарш, байташ, тайп-тайпана берийн ловзарш а, гуламан аппликаци.